ОНЛАЙН-БИБЛИОТЕКА Сторожевой башни
ОНЛАЙН-БИБЛИОТЕКА
Сторожевой башни
Нохчийн
  • БИБЛИЯ
  • ПУБЛИКАЦИИ
  • ВСТРЕЧИ
  • rq ур. 11 с. 22—23
  • Дела лаамехь доцу динах тешарш а, гІиллакхаш а

Для этого отрывка видео нет.

Извините, при загрузке видео произошла ошибка.

  • Дела лаамехь доцу динах тешарш а, гІиллакхаш а
  • Дала вайна хІун тІедожадо?
Дала вайна хІун тІедожадо?
rq ур. 11 с. 22—23

Урок 11

Дела лаамехь доцу динах тешарш а, гІиллакхаш а

Муьлха динан тешарш а гІиллакхаш магош дац? (1)

Делан гІуллакхошна теша оьший, Дела — Кхолхо ву бохачунах (Троица)? (2)

Делан гІуллакхоша хІунда ца даздо Рождество (Іийса пайхамар вина де) а керла шо а, марха а, вина денош а? (3, 4)

Белчара дан вон дуй дийнаболчарна? (5)

Іийса валар жІар тІехь хиллий? (6)

Дели лаам кхочуш бан мел чІогІа деза ду? (7)

1. Массо динан тешарш а, гІиллакхаш вон дац. Амма Дели лаамехь дац, шен юьххье аьшпийн динера схьаоьцуш дерг а, Деза Йозанийн хьехамашна дуьхьало еш дериг а (Матфея 15:6).

2. Кхолхо. Иегова Кхолхо вуй, я кхо яххьаш юй цхьана Дели? Вац! Иегова — Да — «цхьаъ бакъ волу Дела ву» (Иоанна 17:3; Марка 12:29). Іийса ву — цуьнан дуьхьарниг кІант, цунна муьтІахь (1 Коринфянам 11:3). Да кІантал лакхар ву (Иоанна 14:28). Деза са — стаг вац, даима лелаш болу Делан ницкъ бу (Бытие 1:2; Деяния 2:18).

3. Рождество а марха а. Іийса вина де 25 декабрь дац. И вина де хилла тарло 1 октябрь — цу хенан шарахь, Іуьнхоша буьйсанаш йохуш шай бажаца арахь (Луки 2:8—12). Іийсас цкъа а аьлла дац, шен дешархошка ша вина де дазда. Мелхо, цо весет дина шен дешархошка ша велла де дазда (Луки 22:19, 20). Рождество а рождественски гІиллакхаш схьадойла ду мацахлера аьшпийн динашахь. Иштта, мархан гІиллакхашахь лаьцна ала мегар ду, масала: хІоаш басар дар а, кхин тІе цуннах тера долу хІуманаш. Хьалхалера Іийсан дешархоша ца даздора Рождество а, марха а, тахана бакъ болу Делан гІуллакххоша иза ца леладо.

4. Вина денош. Деза Йозанаш тІехь дуьйцу шина вина дийнахь лаьцна, уьш даздеш долу адамаш хилла Иегован корта ца бетташ (Бытие 40:20—22; Марка 6:21, 22, 24—27). Хьалхалера Іийсан дешархоша ца даздора вина денош. ХІара гІиллакх схьадеана хьалхалера аьшпийн динашахь. Бакъ болу Делан гІуллакххоша до совгІаташ, вовшахкхетарца самукъадолу дерриге шарахь.

5. Белчарна хьалха кхерар. Белчарна хІума хаацало, цара дан хІума дац. Вай царна дан гІо дац, цара вайна дан вон дац (Псалом 145:4; Екклесиаст 9:5, 10). Са ле, веллачул тІахьа иза ца деха (Иезекииль 18:4). Амма хьулу белчарна метта хІуттуш вон маликаш, царах олу йилбазаш. Кхоллина долу гІиллакхаш, белчарна хьалха кхерам хилар, царна корта беттар — вон ду (Исаия 8:19).

6. ЖІар. Іийса ца велла жІар тІехь. Иза велла дечиг бІогІам тІехь. Дукхаха долчу гочдина Деза Йозанаш тІехь, греческийн дош жІар гочдина маьІна ду дечиг. Символ санна жІар лелор юьхье схьаэцна ю хьалхалера аьшпийн динашахь. Хьалхалера Іийсан дешархоша жІар ца лелийна символ санна, цунна корта ца биттина. Цундела ойла ел: нийса дуй лело жІар корта бетташ? (Второзаконие 7:26; 1 Коринфянам 10:14).

7. ЧІогІа хала хила тарло оцу ягарйина йолу динах тешарш а, гІиллакхашахь дІакъаста. Хьога хьан гергарчара а, доттагІаша чІогІа баха тарло, хьай динах тешарш ма хийца. Амма мел чІогІа деза ду Делан лаамбар, адамашка ладугІучул (Притчи 29:25; Матфея 10:36, 37).

[Иллюстрация, страница 22]

Дела Кхолхо вац.

[Иллюстрация, страница 23]

Рождество а, керла шо а, марха схьадеана хьалхалера аьшпийн динашкар.

[Иллюстрация, страница 23]

Цхьа а бух бац делла адамашна корта бетта я царах кхерар.

    Публикации на чеченском (2004-2013)
    Выйти
    Войти
    • Нохчийн
    • Поделиться
    • Настройки
    • Copyright © 2026 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania
    • Условия использования
    • Политика конфиденциальности
    • Настройки конфиденциальности
    • JW.ORG
    • Войти
    Поделиться